Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттахь кІа шорта хуьлийла. Лаьмнийн лакхенашкахь иза дІасалестийла. Цуьнан стоьмаш, Ливанунехь санна, дукха хуьлийла. ГІалара адамаш, аренгара буц санна, дебийла. Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тІаьхьенах кІелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Іаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю. Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Цу деношкахь а, цу заманахь а Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь йолу цхьа зІийдаг кхиор ю. Цо хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. ЛадогІал, коьрта динан да волу ЮшаІ – ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Іаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зІийдаг. Цуьнга дІаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗІийдаг цІе йолчу хІокху стага ша волчохь зІийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цІа юхаметтахІоттор ду цо. И бакъйолу Серло дуьнен чу йогІуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху.
Выбор основного перевода