Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Доьзалхочух а хилла, кІант вира Рахьала. Цо бохура: «Дала хІара эхь дІадаьккхи суна тІера». ТІаккха стага, шен ден доьзалехь волу ваша схьа а лаьцна, цуьнга эр ду: «Хьан тІехулара бедар ю, тхан баьчча а хилий, хІокху саьлнийн дола дехьа». Дийна бисина нах цІеначу дешил сов кІезиг хуьлуьйтур бу Ас, Апарера деъначу дешил а кІезиг адамех диснарш дийр ду Ас. Кхера ма кхера – кхин юьхьІаьржачу хІуттур яц хьо. Эхь хеташ ма хила – кхин аьшнаш йийр яц хьо. Хьайн жимачу хенахь юьхьІаьржачу хІоттар дицлур ду хьуна, хьайн йисина Іаш сий дайна хилар дага а догІур дац хьуна. Ишттачарна вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарах тІедилларца оха хьоьху, шайн куьйгашца къа а хьоьгуш, шайна догІу рицкъа даккха а, синна паргІат хила а.
Выбор основного перевода