Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Цийонан зударий, ца бешаш, кортош а айина, бІаьргаш а кхерстош, курачу боларца когаш тІера зІенаш а екош, лела. Цу дийнахь ворхІ зудчо, цхьа стаг схьа а лаьцна, эр ду: «Тхайн бепиг дуур ду оха, тхайн духар а лелор ду, ахь хьайн цІе лелаяйтахь тхоьга тхаьшна тІера эхь дІадаккха». Дика ладогІалаш ас бохучуьнга, тидам белаш сан къамеле. ХІинца ладогІа, хьолехь ехаш телхинарг. Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Іаш ю. Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац. Со йисина Іаш а хир яц цкъа а, бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“.
Выбор основного перевода