Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан Са цунна тІехь Іийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву. Кхин а жимма хан яьлча, Ливанунах беш хир яц, ткъа и беш, хьун санна, лорур яц? ЧІогІа заза доккхуш хуьлийла и аре, йоккха а еш, самукъане иза кхойкхийла. Ливанунан сийлалла цунна дІалур ду, Кармал-ломан а, Шарон-аренан а исбаьхьалла цунна лур ю. Везачу Элан сийлалла гуш хир ю, вайн Делан исбаьхьалла гур ю. Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. Ас кхин цкъа а царах Сайн юьхь къайлайоккхур яц, хІунда аьлча Ас Сайн Синан Іаь тухур ю Исраилан халкъана тІе». Иштта боху Хьалдолчу Эло. «Цул тІаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гІенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхІуьттуш хир бу.
Выбор основного перевода