Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалха охуш лелийначу цхьана а лам тІе вахалур вац, цигарчу коканийн а, кІохцалийн а коьллех кхерарна. Цига стерчий дІалохкур ду, кегийрачу дохно хьоьшур ду коканаш“». ЧагІар ца хиларна, маьхьарий детташ бу урамашкахь нах, муьлхха а хазахетар кхоьлина ду, муьлхха а самукъадалар лаьтта тІера дІаэккхийна. ГІала яссаелла ю, гІалин ков а доьхна Іуьллуш ду. Хьо акха виркхел санна ю, яьссачу аренгахь Іан Іемина йолу, шен хьайна хиларехь мерІуьргашца хІаваъ муьйлуш йолу. Хьаьнга юхаозалур ю иза, сел чІогІа лууш хилча? Иза оьшуш мел йолчу виро ша кІадъян ца еза – оре еанчу хенахь иза атта карор ю. гІовгІане, синтем боцу, йоккхаеш йолу гІала? Хьан хІаллакьхилларш туьро а ца байина, тІамехь а ца белла. КІохцалш долу коьллаш дезачу цІеношкахь кхуьур ю, баьІаша а, нитташа а гІепаш къайлайохур ю. ЧангІалкхаш а, бухІанаш а Іийр ю цигахь. Бохам болчуьра исраилхой дІагІахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гІалин лаьттахь дІабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хІуманаш. Коканийн кІохцалш девр ду церан цІенош тІехь.
Выбор основного перевода