Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дикачу стеган даг чуьра диканиг долу, вочу стеган даг чуьра вониг долу. Стеган даг тІехь дерг цуьнан матта тІехь а ду». Цу тІе аса боху: кІезиг дІадуьйчо – кІезиг ялта схьагулдийр ду, ткъа комаьршаллица дІадуьйчо – алссам ялта схьагулдийр ду. ХІораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХІунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза. Делан ницкъ бу шуна мел деш долу дика алсамдалийта. Цу тайпана, массо а хІуманна тІехь а, гуттара а шуна мел оьшург хир ду шун, ткъа цунах алссам дуьсур ду шуна муьлхха а дика гІуллакх дан. Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Тоам боллуш дІало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо». ДІадуьйш волчунна хІу а, юуш волчунна юург а Кхочуьйтучо шуна а хІу кхочуьйтур ду, иза алсам а доккхур ду, ткъа шун нийсонца леларехула Цо шортта ялта лур ду. Иштта муьлххачу а хенахь комаьрша хІума дІакховдо алссам хьал а лур ду шуна Цо. ТІаккха дуккхаммо а, аша комаьршаллица дІакховдийнарг тхоьгахула дІа а эцна, Далла баркаллаш бохур ду.
Выбор основного перевода