Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буьйсанна хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а Шен гІуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таІзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бІаьргаш дозаллех буьзна хиларна а». Къаьмнаша исраилхошна гІо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тІаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тІехь, леш а, гІарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хІинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гІело йиначарна тІехь цара хІинца олалла дийр ду. хІунда аьлча уьш даьхначу таррех а, озийначу Іедех а, тІеман къизаллех а бевдда боьлху. ТІаккха хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. ХІунда аьлча Везачу Эло цІерца а, Шен туьраца а массо а адамна тІехь кхел йийр ю. Цо хІаллакбина дуккха а хир бу.
Выбор основного перевода