Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьаболчара гІудалкхех, вукхара говрех, ткъа оха тхайн Везачу Делан цІарах дозалла до. Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тІаьхье! Веза Эла дІа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша. Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дІалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гІудалкхаш а ю. Исраилан Серлонах цІе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу. «Къа ду аьрхачу нехан, – боху Везачу Эло. – Цара Іалашонаш хІиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагІаран сагІанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тІе кхиниг а тухуш. Сох дага а ца бовлуш, Мисар-махка боьлху уьш, пирІуне гІо дехархьама а, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъархьама а. ХІунда лела хьо хьайн некъаш хуьйцуш? Мисар-махкаца барт а беш, хьо юьхьІаьржачу хІуттур ду, Ашур-махко ма-хІоттора. Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гІоьртира. Цо гІо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГІуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тІаьхьа, таІзарх кІелхьарвала?“» Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара, бохам беана тхуна тІе. Амма къинош леточуьра юха а доьрзуш, Хьо тешаме хиларан терго а еш, оха ца лийхира тхешан Веза Дела тхаьшна резахилийтар. Суна дийнаташ дайина сагІанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хІинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таІзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу».
Выбор основного перевода