Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен бене хьоьжу аьрзу санна, кІорнешна тІехула хьийза аьрзу санна, Везачу Эло Шен тІемаш дІасадаржадо, тІемаш тІехь Шен халкъ лелорхьама. Шен тІемашца дІахьулвина, Цо Іалашвийр ву хьо. Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а. ГІергІаш догІу доккха хи санна, угІуш ду халкъаш. Дала човхийча, и къаьмнаш генна дІадовду. Мохо лаьмнаш тІехула идо екъа буц санна, йилбазмохо идо чан санна, лаьхкина лела уьш. «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.
Выбор основного перевода