Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо? Веза Эла, Хьайгара кхерам тасахьа царна, шаьш адамаш бен доцийла хаийтахьа къаьмнашна. Вукху паччахьех дІакхетар вац хьо кошахь, хІунда аьлча хьайн латта дакъазадаьккхина ахь, хьайн халкъ а хІаллакдина. Цкъа а хьахор яц зуламхойн тІаьхье. Массо а ницкъийн Везачу Эло аьлларг сайн лергашца хезира суна. «ХІокху къинна гечдийр дац шуна, шаьш делла дІадовллалц», – чІагІо йира массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. Берриге а ницкъийн Везачу Элера схьа ду иза: тамашийна бу Цуьнан хьехам, сийлахь ду Цуьнан хьекъалалла! Коьман маІа локхур юй те гІалахь, адам кхера а ца долуьйтуш? Хуьлий те гІалина бохам, Веза Эла воцучо тІебаийтина? Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хІума цо яахь, хІунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, ткъа тешарехула деш доцу массо а хІума къилахь ду.
Выбор основного перевода