Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала генарчу халкъашна байракх хьалаойур ю, лаьттан йистошкахь Іачарна билгало лур ю. Хьажал, мостагІа сиха а, атта а схьакхочуш ву! Оццу дийнахь Нуб-гІалахь лаьттар бу уьш. Ярушалайм-гІалин гуна, Цийон-ломана шайн буйнаш лестор бу цара. Шу дерриш а, дуьнен чохь дехаш дерш! Хьовсалаш, лам тІехь байракх дІатоьхча, ладогІалаш, лоькхучу коьман маІан аз хезча. Байракхца хаам бе, Цийоне дІагІо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дІадовда, хІунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хІаллакьхилар а, боккха бохам а. «Массо а халкъашка дІахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дІадийца: „Бавел-гІала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьІаьржачу хІоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьІаьржачу хІиттина, цуьнан цІуш дог доьхна а бу“. Со хьуна дуьхьалваьлла, Бавел! Хьо дерриг а дуьне хІаллакдеш болу лам санна ю, цундела Ас хьуна тІе Сайн куьг хьур ду, хьо терхеш тІера лаьтта охьа а кхуссуш. Хьо багийна болу лам хир бу.
Выбор основного перевода