Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хІоьтти, массо а исраилхой, шайна тІехь Іу воцу уьстагІий санна, лаьмнашкахула дІасабаьржина. ТІаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тІехь хьаькам, уьш хІорра а шен цІа маьрша вухавоьрзийла“». ХІаллакве Бавел-махкахь латта дІадуьйш верг а, ялта схьагулдечу хенахь карахь марс берг а. МостагІийн туьрах кІелхьарвалархьама, кхечу къомах верг хІорра а шен къам долчу юхаверза веза, хІорра а шен махка ведда дІаваха веза». «Тхо иза тобан гІиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хІора а вайн махка дІагІур ду вай, хІунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тІе хьалаяллал ю». Ша хийисте хьалаваьлча, Іийсана адамийн йоккха тоба гира. Уьш Іу воцу уьстагІех а тарбелла, царах чІогІа къахийтира Іийсана. ТІаккха Иза оцу нахана дуккха а хьехамаш бан волавелира.
Выбор основного перевода