Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьрса сурт ду суна гайтинарг: ямартхо ямартло еш ву, талорхо талор деш ву. Іейлам, тІамца тІегІо цунна! Мадай, цунна го бе! Везачу Эло узарш дІасацор ду. Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хІунда аьлча Иза Бавелан къам хІаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цІенна динарг бахьана долуш. ТІеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий! „УПАРСИН“ – хьан пачхьалкх, екъа а екъна, мадайхошна а, парсихошна а дІаелла бохург ду». Цул тІаьхьа паччахьалла кхузткъе ши шо долчу мадайхойн махкара Дари-Ваша цІе йолчу паччахьна карадеара.
Выбор основного перевода