Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала кхоьллина ду Ча а, Орион а, ВорхІ Седа а, иштта къилбехь долчу седарчийн массо куьцаш а. Оцу дийнахь марсбаьллачу хІордо ен гІовгІа санна лаьтта тІехь мостагІа гІергІаш хир ву. Нагахь санна цхьаъ лаьтта хьаьжча, цунна бода а, бала а гур бу, ткъа мархаша серло дІакхоллур ю. Бутт а цІийлур бу, малхана а эхь хетар ду, хІунда аьлча Везачу Эло Ярушалайм-гІалахь болчу Цийон-лома тІера паччахьалла дийр ду. Цуьнан сийлаллин нур баккхийчарна хьалха лепаш хир ду. Хьо дІабайича, Ас стигалш а дІакъовлур ю, седарчий а кхолуьйтур ду, мархашца малх а дІакъовлур бу, батто а шен серло лур яц. Царна хьалха латта дегадо, стигал лестайо, малххий, буттий кхулу, седарчаша схьалуш йолу серло а дІайолу. Малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду, Везачу Элан де тІекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду. Малх а, бутт а кхоьлина бу. Седарчийн лепар а дІадайна ду. Хьан кхоьллина ВорхІ Седа а, Орион а? Хьан еш ю Іожаллин ІиндагІах сирла Іуьйре, ткъа дийнах Іаьржа буьйса? Хьан тІегулдо хІордан хиш? Уьш лаьтта тІехула Хьан дІасадаржадо? Цуьнан цІе – Веза Эла ю! «Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю. «Амма оцу деношкахь, и баланаш тІехІоьттинчул тІаьхьа, „малх кхулур бу, батто а серло лур яц, «Малха тІехь, батта тІехь, седарчаш тІехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хІордан тулгІенийн гІовгІано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду.
Выбор основного перевода