Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара гІуллакх Ахь суна тІедуьллуш хилча, вей, дІаваккха со, Хьо суна реза велахь. ТІаккха бала хьега дезар дац сан». Цхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхІу. Схьавеана, жолам-куллана кІел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХІинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДІаэцахьа сан са, хІунда аьлча со сайн дайл хІумма а тоьлуш вац». Суна сайн дахар къахьделла. Массо а ханна со вехаш хир вац. Витахь со, хІунда аьлча сан дахар эрна ду. суна тІера Хьайн куьг а дІадаккхахьара Ахьа, Хьайн къематаца со кхера а ма вахьара Ахьа. Сан дахар сох дІадоккхуш ду, дІадоккхуш долу жаІуйн четар санна. КІадидархочо санна, сан оьмар карчийна ас. КІади дечу чарха тІера дІахададо кІади санна, Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цІеххьана, Іуьйренна тІера суьйре тІекхачале.
Выбор основного перевода