Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІаала массо а исраилхошка: „ЦІена хила, хІунда аьлча Со, шун Веза Дела, цІена ву. Шен куьг хІорда тІехула а лаьцна, пачхьалкхаш егийна Цо. КанаІан-мехкан гІепаш йохае аьлла, омра дина Везачу Эло. Цо аьлла: «Хьо кхин йоккхайийр яц, сийсазъяьккхина йоІстаг санна йолу ЦІадан-гІала! Хьала а гІовттий, Хитам-махка гІо, гІалин бахархой! Амма цигахь а синтем хир бац шуна». ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. ХІан-хІа, Сайн оьгІазе дералла кхочушйийр яц Аса, Сайна хетарг хуьйцур дац Аса, Эпрайман халкъ хІаллакдийр дац. Со – Дела ма ву, Со адам ма дац. Хьуна юкъахь Со Везаниг ма ву! Дераллица вогІур вац Со.
Выбор основного перевода