Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан гергарнаш суна уллора Цо дІабаьхна, со вевзарш а сох къехка. Сан доттагІий а, накъостий а сан даьІнех дІабирзи. Сан гергара берш берриге а суна генабевли. Ур-атталла сан уггар дикачу доттагІчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина. Ахьа суна уллора сан гергарнаш а, доттагІий а дІабаьхна. Сан накъост санна болу бода бен, стаг а ца висна. ХІунда бу те хІара лазам хедар боцу, хІунда ца йоьрзу те сан чов дІа? Веза Эла, Хьо соьца Іехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Іовраш санна хир ву?
Выбор основного перевода