Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даккхий ду Цуьнан гІуллакхаш, царах вай кхетар доцуш, Цуьнан тамашийна гІуллакхаш дагардина а вер вац. Уьш массо а адамашна гина ду, амма стагана геннара бен уьш гина дац. Везачу Элан аз ду хезаш хиш тІехула. Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела. Везачу Элан аз ду хезаш хІордаш тІехула. Хьан къовкъаран аз мохехь дара схьахезаш. Дуьне ткъесо серладохура, латта, меттахдуьйлуш, дегош дара. ЮргІа санна, ло охьадуьллу Цо, чим санна, йис дІасакхуьссу. ЖагІа санна йолу къора туху Цо. Цуьнан шелонна дуьхьал мила латталур ву?
Выбор основного перевода