Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан дуй ткъа Делан санна нуьцкъала куьг, Цуьнан санна долчу озаца хьоьга къекъалур дуй? Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гІовгІа елира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. Къора туьйхира, догуш долу кІегий серладевлира Везачу Элан аз ду хезаш хиш тІехула. Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела. Везачу Элан аз ду хезаш хІордаш тІехула. Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз, сийлахь а ду Везачу Элан аз. Баганан дитташ охьадохку Везачу Элан озо. Ливанунера долу баганан дитташ охьадохку Везачу Эло. Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту, Хьермон-лам, акха бугІа санна, ирхлоьлхуьйту. Стелахаьштиг схьатуьйсу Везачу Элан озо. Яьсса аре а егайо Везачу Элан озо. Кхадеш цІе йолу яьсса аре а егайо Везачу Эло. Сешка кІорнеш а йохуьйту, масарш оста а довлуьйту Везачу Элан озо. Везачу Элан цІийнан кертахь массара а Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу. Вазве аш дуьне кхуллуш дуьйна стигалшкахь Леларг. Нуьцкъалчу озаца стигал къекъош къамел до Цо.
Выбор основного перевода