Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хІаваъ хуьлийла». Цо цхьаммо стигал дІасаяржайо, Иза ву хІордан тулгІенаш тІехула лелаш верг. Ахь оба санна, тІеюхуш ерг серло ю, четар санна дІасаяржийна Ахьа стигал а. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала: Хьан ПаргІатдоккхург а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху: «Дерриг а хІума кхоьллина волу Веза Эла ву Со. Ас-Айса дІасаяржийна стигалш, Сайн ницкъаца латта а дІадаржийна.
Выбор основного перевода