Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала бакъдерг гамдо те? Нуьцкъалчо нийсо гамйо те? Веза Эла хьекъал долуш а ву, Цуьнгахь ницкъ а бу, Цунна дуьхьал а ваьлла, зен ца хуьлуш виснарг мила ву? Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а, иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а. Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю, Цуьнан карахь ву Іехориг а, Іехийнарг а. Паччахь нуьцкъала ву, Иза нийса кхел езаш ву. Ахь нийсо дІахІоттийна. Якъубан тІаьхьенан халкъана Ахь бакъдерг а, нийсо а лелийна. Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кІелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргІатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш. qac Лqac*аа а лууш ца до Везачу Эло адамийн кІенташна таІзар а, халахетар а. И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин.
Выбор основного перевода