Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела Ас кхана, хІоккху хенахь, Мисара кхоьллинчхьана а ца хилла йолу къора тухур ю. Мусас шен Іаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тІе къора туьйхира Везачу Эло. Шамъал Везачу Эле доьхуш кхайкхира. Везачу Эло, стигал а къовкъош, догІа даийтира цу дийнахь. Дерриг а халкъ Везачу Элах а, Шамъалах а чІогІа кхераделира. Цара Шамъале элира: «Хьайн Везачу Деле тхуна, Цуьнан лешна тІера, доьхуш, доІа дахьара ахьа, тхо ма дайа алахьара ахьа. Тхаьш летийначу къиношна тІе кхин а цхьа къа латийна оха, тхайна паччахь а вехна». Дукха хан ялале, мархаш а хІиттира, стигал Іарж а елира, мох а белира. ЧІогІа догІа деара. Оцу хенахь Ахьаб, шен гІудалкха тІе а хиъна, ИзраІал-гІала ваха новкъа ваьллера. Кхо де дІадалале, ЯхІуд-махкара а, Бен-Яман-махкара а мел волу стаг Ярушалайме схьагулвелира. Иза хилла уьссалгІачу беттан ткъолгІачу дийнахь. Цу дийнахь дерриг а халкъ Делан цІенна хьалха йолчу кертахь охьахиъна Іаш дара. ГІуллакхан дозаллина а, догІуш догІа хиларна а уьш чІогІа бегош бара. Оццу тайпана адамашна кхел йо Цо, царна шортта кхача а ло Цо. Ас халачу заманна лерина латтош йолу, мостагІа тІелатар я тІом баллалц. цаьрга даьссачу лаьтта тІе а, адам доцучу аренна тІе а догІа даийта, эрна а, яьсса а аре хих Іаборхьама а, бецашка зІийдагаш тасийтархьама а?
Выбор основного перевода