Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала бакъдерг гамдо те? Нуьцкъалчо нийсо гамйо те? Ницкъболчух кхета аьтту бац тхан. Шен ницкъе а, бакъйолу кхел яре а хьаьжжина, Иза мел воккха ву. Цуьнан нийсо шортта ю. Цо цхьана а стагана гІело а ца йо. Хьуна хьалха, Хьуна цхьанна хьалха къа латийна ас, Хьан бІаьргашна хьалха хьарамниг дина, цундела со бехке варехь Хьо нийса а ву, кхел ярехь цІена а ву. Цара Далла гІуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Іахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гІуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь! Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цІе а хьан язйийр яцара? ХІунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тІе а даьхкина, Хьуна хьалха Іибадат дийр ду. ХІунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гІуллакхаш тхуна гучу ма девлла».
Выбор основного перевода