Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо гІенах олу стаге я буьйсанан суьртехь, кІорга наб адамна кхеттачу хенахь я шен меттахь стаг Іуьллучу хенахь. ТІаккха церан лерг сама а доккхий, дикка гучу тайпана царна лерина долу Шен дІахьедар до Цо, стага дан леринарг цуьнга ца дайта а, цуьнан куралла дІаяккха а, иштта иза эхартана гена ваккхархьама а, цуьнан дахар Іожаллин хих чекх ца далийтархьама а. Шен меттахь лазарца кхетаво Цо иза, цуьнан даьІахкашкахь гуттар а тІом а латтош. ТІаккха цуьнан кийрано яа хІума тІе ца оьцу, уггар токхе йолу хІума а цуьнга ца яало. Цуьнан дегІ гІелло, цунах хІумма а ца дуьсу, хьалха гуш йоцу цуьнан даьІахкаш гучуйоху. Цуьнан са эхарте кхочуш ду, ткъа цуьнан дахар – Іожалла тІеяхьаш болчу геланчашка. Амма нийса муха лела деза гайтархьама, адамна юкъалелаш долу малик делахь, вуно дуккха а долчу маликех цхьаъ, оцу стагах къинхетам а бина, цо эр ду Деле: „Эхарте кхачарх паргІатваккхахьа иза, цунах такха дезарг суна карийна“. ТІаккха цуьнан дегІ къона волуш хилларг санна, дІахІуттур ду, иза юхавоьрзур ву шен жималлин деношка. Цо Деле доІа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву. Деле Іибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу. Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахІоттор ду. Нахе дІадуьйцур ду цо шена хилларг: „Ас къинош летийна сайх, харцдолчух бакъдерг а деш, амма суна догІу таІзар Цо суна ца дина. Эхарте кхачарх со паргІатваьккхира Цо, хІинца сан дахар серлонах дуьзна ду“. Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?» Хьо ма ву гІийланиг ницкъболчух ларвийриг, къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг. qac Кqac*qac ъqac*иза бала айса хьегале, дикка хьалха, со тилавелла вара, ткъа хІинца Хьан дош лардо аса. qac Кqac*qac ъqac*аьхьа бала хьегар дика дара суна, цу бахьанина суна Хьан парзаш Іемина дела. И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дІахІоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кІезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу.
Выбор основного перевода