Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
массо а тІейогІун йолчу ханна Хьан цІе язъяйтархьама. ТІаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла – Иза Исраилан халкъан Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цІа Хьуна хьалха чІагІделла лаьттар ду! Хазахетарца баккхийбойла со бакъвина хила лууш берш. Хаддаза олийла цара: «Вазлойла Веза Эла, Шен лен ирс хазахеташ волу». Хьан ницкъах лаьцна ас иллеш эр ду, Іуьйранна хьалххе дуьйна Хьан къинхетам кхайкхор бу, хІунда аьлча суна тІе хало хІоьттича, Хьо сан гІап а, кІелхьарволу меттиг а хилла. Даккхий ду Хьан гІуллакхаш, Веза Эла, кІорга ю Хьан ойланаш! Везачу Элана назма олуш хир ву со, со мел веха, иштта сан Далла хастамаш беш а хир ву со, айса хан мел йоккху. ТІаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла, Цара Далла гІуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Іахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гІуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь!
Выбор основного перевода