Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со хІинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гІалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гІело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тІехь сайн ши бІаьрг дІакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду». оцу стагах къинхетам а бина, цо эр ду Деле: „Эхарте кхачарх паргІатваккхахьа иза, цунах такха дезарг суна карийна“. Дала деш дерг ахь дІатоттучу хенахь таІзар даза Иза Іийр ву моьтту хьуна? Хьо ву сацам бан безарг, со вац. Ала хІинца хьайна хууш дерг. Бекхам бечу дийнахь хьоло гІо дийр дац, амма нийсоно Іожаллех кІелхьарвоккхур ву. ТІаккха Везачу Эло хаьттира: «Бакъо юй-те хьан оьгІазваха?» Юха а хаьттира Юнусе Дала: «Бакъо юй хьан иштта оьгІазваха и орамат якъаялар бахьана долуш?» Юнуса элира: «Ю сан бакъо, со валлал чІогІа оьгІазвахана!»
Выбор основного перевода