Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тамашийна схьахезаш ду Делан аз, вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хІуманаш до Цо. Хьалдолу Эла! ТІаьхьенашкара тІаьхьенашка тхо Іаш йолу меттиг ю Хьо. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац. Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьІІехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла, Иза дийна волу Дела хиларна а, Цуьнан дахар даим долу дела а. Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю. Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду. И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин. Цкъа хІинца-м вайна дерриге а гІийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хІинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара.
Выбор основного перевода