Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
юхавоьрзур воцучу меттиге со дІакхалхале – бода а, Іожаллин ІиндагІ а долчу махка, Іаьржа бода лаьттачу а, низам ца хуьлучу а махка, серло а боданах тера йолчу махка“». Іожаллин ІиндагІ долчу тогІи чухула со дІагІахь а, вонах кхоьрур вац со, хІунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Іасано синтем ло суна. Боданехь леллачу халкъана йоккха серло гира! Іожаллин ІиндагІехь болчу махкахь Іийначу нахана серло къеггина дІахІоьттира! Цара хІунда ца хаьттина: „Мичахь ву вай Мисар-махкара арадаьхна волу Веза Эла? Шена тІехь гІамарш а, Іаннаш а долчу, ша екъа а, Іаьржачу бодане а долчу, шена тІехула цхьа а некъахо ца вогІучу, шена тІехь цхьа а Іаш воцучу яьссачу аренгахула схьадалийна волу Веза Эла мичахь ву хІинца?“ Іожаллин боданехь Іаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а».
Выбор основного перевода