Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьанат, чІогІа дог доьхна, йоьлхуш, Везачу Эле доьхуш яра. Ткъа Делан стаг лаьтташ волчу лома тІе ша хьалаяьлча, шунамхо цуьнан когех тасаелира. ГІайхьази иза дІаяккха дагахь тІеволавелира, амма Делан стага цуьнга элира: «Іадйита ахьа иза, и холчохь ю. Ткъа Везачу Эло иза, соьга схьа а ца олуш, къайладаьккхина сох». «Сан синна сан дахар къахьделла. Сайна чохь сецор бац аса сайн латкъамаш. Ас буьйцур бу сайн даг чохь болу бала. Ахьа и вахош долу малар мискачарна а, шайн дахар къаьхьа долчарна а дІало. ХІун эр ду ас? Везачу Эло ала а элира, Цо иза дан а дира. Сайн дахаран дерриг а шерашкахь собарца лелар ву со, сайн са чохь хилла бала дагахь а латтош. Цара, шайн кортош а даьшна, шайна тІе сингаттаман духар а дуьйхина, дог доьхна, хьуна белхар дийр ду къаьхьачу бІаьрхишца.
Выбор основного перевода