Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда ваьккхина Ахьа со сайн ненан кийрара схьа? Цхьана а стеган бІаьрг кхетале со велла велара! Со цкъа а хилла а ца хиллехьара! Ненан кийрара схьаволлушехь, коша чу виллина со хиллехьара! Сардам буллу аса со винчу денна! Декъаза хуьлда сан нанас со дуьнен чу ваьккхина де! НеІалт хуьлда: «Хьуна кІант вина!» аьлла, кхаъ а баьккхина, сан дена хазахетийтинчу стагана. Везачу Эло къа ца хетарца йохийначу гІаланашна хилларг хуьлийла цу стагана. Хезийла цунна Іуьйранна орца даккхар, ткъа делкъахенахь тІеман маьхьарий, сайн ненан кийрахь со ца вуьйш витарна, сан нана суна каш хилла ца йитарна, со дуьнен чу ца волуш ца витарна! ХІунда ваьлла те со сан ненан кийрара ара? Деган Іийжамаш, бохамаш бен суна гина хІумма а ма дац! Ткъа сан дахар юьхьІаьржачу хІоттарца чекхдер ду.
Выбор основного перевода