Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан Дела! Ва сан Дела! Со хІунда вити Ахьа? Ас чІогІа орца даьккхинехь а, сан кІелхьарвалар генахь ду суна. Кийра а буьзна дерачу чевнех сан, дегІа тІехь дийна меттиг а ца йисна сан. Дийнаххьий, буьйсанний сайн бІаьрхих кхача хилира суна, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш, дийнахь сарралц мостагІаша соьга хоьтту. Сайн синан Іаткъам дІа а балхош, хІара ду суна дагаоьхург: адамийн тобанашца сайн лелар, Делан цІа долчу сайн хьалхавийлар. Халкъаца цхьаьна аса а кхойкхура дезде даздечу хенахь хазахетаран а, баркаллин а озаца. Ахьа Хьайн халкъана бІаьрхих дуьзна бепиг даийна, дуккха а бІаьрхиш а малийна Ахьа цунна. Бепиг санна, чим боу аса, ас молуш мел дерг сан бІаьрхиша дурдина.
Выбор основного перевода