Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шайтІане элира: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хІокху дуьнен тІехь кхин цхьа а вац: иза хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, иза массо а вочу хІуманах ларлуш ву. Иза хІинца а чІогІа шен кхачамалла ларъеш ву, цуьнан бехк боццушехь, иза дакъазаваккхийта ахьа Со иракарахІоттийнехь а». Аса сайн гІуллакх кхетачу къепехь кечдина. Суна хаьа, со бакъвина хир вуйла. Коьртачу кхеташонехь болчу нахе а хьаьжна, ПахІала элира: «Сан вежарий! Таханлерчу дийне кхаччалц Далла хьалха цІеначу дагца ваьхна ву со». Цундела дерриг а сайн ницкъ кхочург дан гІерта со Далла а, нахана а хьалха догцІена хилархьама. Сан дог цІена делахь а, и бахьанехь со бехказа ца волу. Веза Эла Ша хир ма ву сан Кхелахо.
Выбор основного перевода