Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Веза Эла оьгІазвахара ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархошна. Нах Іада а бойтуш, инзар а болуьйтуш, белам бойтуш а хІума царах йира Цо, шуна шайна ма-гарра. Серлонгара бодане иза дІалоллур ву, кху дуьнен чуьра иза дІавоккхур ву. qac Пqac*е а бетташ, гІалина уллохула мел лелачу наха хІинца куьйгаш шайн вовшах ма детта. Кортош а лестош, цара шакарш етта. Ярушалаймах лаьцна цара иштта хоьтту: «Шех хазаллин кхачамалла ду аьлла йолу гІала хІара ю те? Шех хазахетаран бохь бу аьлла гІала хІара ю те?» Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хІаллакьхилар бахьана долуш тІараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна, Кхечу къаьмнех болчу совдегарша гІайгІанца шакарш етта. Хьо къемате хІаллакьхилла яьлла, ткъа кхин цкъа а юха хир а яц’“». Иштта хилла дІахІуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гІайгІа йоцуш яьхна йолу и гІала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хІума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тІех мел волучо: «Жолам-яІ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду. Хьан чов ерзо дарба дац, хьуна йина чевнаш тоян йиш яц. Хьох лаьцна хаам хезнарш тІараш детташ баккхийбер бу, хІунда аьлча мила ву хьоьгара къизалла даим тІекхачаза?!
Выбор основного перевода