Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесачеран бІаьргашна са кІезиг гур ду, шаьш кІелхьарбовла церан йиш хир яц. ТІаьххьара а, садалар бен, церан сатуьйсийла хир яц». Цуьнан пхерчий массо а маьІІера схьадетталуш ду, Цо сан жаннех къа ца хеташ Іуьтту, сан стим а лаьтта тІе охьаІанийна. Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш – кІентий шайн дайшца цхьаьна, – боху Везачу Эло. – Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хІаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“». Иштта дийна волчу Сайх чІагІо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цІушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гІуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дІахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш.
Выбор основного перевода