Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІоранна а го хьекъалалла дерш леш хилар. Иштта леш хуьлу кхетам боцурш а, сонтанаш а. Цара массара а шайн бахам шайн тІаьхьенна буьту. Дика стаг веллачул тІаьхьа цуьнан бахам берийн берашна а кхочур бу, амма къинош летийначун хьал бакъахьарчун дуьхьа Іалашдеш ду. Ахчанна тІе сов ял яккхарца ахь хьал гулдахь, хьан хьал къечу нахаца дика хуьлучунна дІакхочур ду. Дала Ша реза волчунна хьекъалалла а, хаарш а, ирс а ло. Ткъа къинош леточаьрга Цо, къа а хьоьгуьйтуш, хьал гулдойту, и гулдинарг Ша реза волчунна дІадалийтархьама. Иза а ду-кх кхетам тІе ца кхуьу хІума, махана Іуналла дан гІертар санна.
Выбор основного перевода