Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со хІинцца гинчу бІаьргашна а со кхин гур вац. Хьо соьга хьоьжуш хир ву, амма со кхин хир вац. Соьгара даьллачу къинна Ахь геч хІунда ца до? Сан зуламна къинтІера хІунда ца волу Хьо? Со кестта ченалахь Іуьллур ма ву. Ахь со лохур ву, амма со кхин хир вац». Уьш кІезигчу ханна бен хьала ца айабелла, тІаккха уьш бац. Охьа а эгна, уьш, берриш а санна, схьагулбеш бу. Кенан баххьаш санна, схьахадийна а хир бу уьш. ХІунда аьлча ша дІакхелхачу хенахь цо шеца хІумма а дІахьур яц. Цуьнан сийлалла цунна тІаьххье дІагІур дац. Оцу нехан даьІахкаш дІасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кІелахь. Стигалара и хІуманаш хІокху нахана езара, царна хІокху наха гІуллакх а дора, уьш царна тІаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Іибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьІахкаш, уьш цхьаммо а дІа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Іуьллуш долу кхо санна, цигахь Іохкур ю. Ас хьо яьссачу аренгахь охьакхуссур бу, хьо а, хьан хиш чуьра берриг а чІара а. Хьо даьссачу кха тІе охьабужур бу, цхьаммо а хьуна гІо а дийр дац. Ас хьо лаьттахь лелачу акхарошний, стигаларчу олхазаршний дІалур бу, цаьрга баийта.
Выбор основного перевода