Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шина тайпанна а, Маннашан тайпанан вукху эханна а Мусас Йорданал дехьа, малхбалерчу агІор, дакъа деллера, ткъа Левин тайпанах болчарна царна юкъахь дакъа ца деллера. Юсупан кІентех ши тайпа схьадаьллера: Маннашан а, Эпрайман а. Ткъа Левин тІаьхьенашна латта ца деллера, царна гІаланаш еллера, бежанаш а, жаш а лело меттигаш а луш. Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, дира исраилхоша дерриг а, шаьш лаьттан дакъош доькъуш. Везачу Эло тІе-ма-диллара, шайн лаьттан дакъойх схьа а къастийна, левихошна гІаланаш а, царна уллора аренаш а елира исраилхоша.
Выбор основного перевода