Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іамрам бІе ткъе вуьрхІитта шарахь вехира. Цо шен дейиша Йохабадат ялийра. Церан ши кІант вара – АхІарон а, Муса а. АхІарона Іамминадабан йоІ а, Нахьшонан йиша а йолу Элисат ялийра. Цо АхІаронна вира Надаб а, АбихІу а, ЭлиІазар а, Итамар а. Левин кІентийн цІераш яра: ГІиршан, КхахІат, Мерари. ГІиршанан тІаьхьенан цІераш церан тукхамашца яра: Ливани, ШамаІи. КхахІатан тІаьхьенах болчеран цІераш церан тукхамашца яра: Іамрам, Ицхьар, Хьеврон, Іузиал. Мерарин тІаьхьенан цІераш церан тукхамашца яра: Махьли а, Мушхьи а. Уьш Левин тІаьхьенан тукхамаш ду, церан доьзалшка хьаьжжина. Везачу Эло Мусагахула шайна тІе-ма-диллара, и гІаланаш царна уллорачу аренашца, кхаж а тосуш, левихошна дІаелира исраилхоша. АхІаронан тІаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонахара аренаш а яра.
Выбор основного перевода