КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гІаланаш.
Эпрайман лам тІехь йолу Шехем-гІала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гІала лурбоьлла нах шена чохь дІаловчкъуш яра. Цул сов, ГІазар-гІала а, цуьнан аренаш а елира царна.
Кхибцайм-гІала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гІала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гІала яра уьш.
Данан тайпано елира гІаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а,
Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала яра цара елларг.
Маннашан ах тайпано елира гІаланаш: ТаІнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гІала яра.
КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гІала а, церан аренаш а яра.