Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цІераш стигал кІелара а дІайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хІаллакбина бовллалц. «Дагахь латтаде Везачу Элан ялхочо Мусас шайга аьлларг: „Шун Везачу Далла лиира Йордан-хин малхбале агІор долу латта шуна дІадала, иза шун мохк хилийта“. Цара элира ЮшаІе: «Везачу Эло дерриг а хІара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу». Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дІаделира ЮшаІа. Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто. Везачу Эло шуна хьалхара сийлахь а, андий а къаьмнаш дІалаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц шуна дуьхьало янъелла цхьа а вац.
Выбор основного перевода