Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йордан-хил дехьа, Ерихон-гІалина дуьхьал, малхбалехьа цара дІакъастийра: Раабанан тайпанах яьссачу арахь Бацар-гІала, Гадин тайпанах ГалІад-махкахь Рамат-гІала, Маннашан тайпанах Башан-махкахь Голан-гІала. ГІиршанан тІаьхьенашна Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Башан цІе йолчу меттера Маннашан ах тайпанах болчу нахера а кхойтта гІала кхечира кхаж баларца. ГІиршанан тІаьхьенна еллера: маннашхойн ахтайпанан лаьтта тІера Башанехь йолу Голан-гІала а, Іаштарат-гІала а, царна гонахара дежийлаш а. Иссарханан тайпанан лаьттара царна еллера Кхедаш а, Дубрат а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а, иштта Рамат а, Іанейм а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а. Ашаран тайпанан лаьтта тІера царна еллера Машал а, Іабдани а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а, иштта Хьукхакх а, Рахьуб а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а. Напталан тайпанан лаьттара царна еллера Галилай-махкара Кхедаш-гІала а, Хьамун-гІала а, Кхиръятим-гІала а, царна гонахара дежийлаш а.
Выбор основного перевода