Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн меттаметташкахь левихой Іаш хилла меттигаш хІорш ю: шайна дуьххьара кхаж баьлла дела, кхахІатхойн тукхамах схьаяьллачу АхІаронан тІаьхьенна еллера ЯхІуд-махкара Хьеврон-гІала а, цунна гонах долу дежийлаш а. Ткъа оцу гІалина чудогІуш долу кхаш а, ярташ а Епунин кІантана Килабана дІаеллера. Иштта, АхІаронан тІаьхьенна еллера: Хьеврон (иза лурбоьлла нах ловчкъу гІала яра), Либна а, цунна гонах долу дежийлаш а, Итар-гІала а, ЭштамуІ-гІала а, цунна гонах долу дежийлаш а, Хьилаз-гІала а, Дибар-гІала а, царна гонах долу дежийлаш а, Іашун, Байт-Шамаш гІаланаш а, царна гонах долу дежийлаш а. Ткъа Бен-Яманан тайпанан махкахь кхахІатхошна еллера: ГибаІ-гІала, Іаламат-гІала, Іанатот-гІала, царна гонах долу дежийлаш. Церан тукхамана елла хилла йолу гІаланаш ерриг а кхойтта хилла. Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дІахІиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кІелхьардахар гур ду шуна. ХІинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна. Везачу Эло шун дуьхьа тІом бийр бу, шун хІумма а дан ца деза». Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хІунда кхойкху хьо? Исраилхошка дІадуьйлало ала. Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, Епунин кІантана Килабана ЯхІудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаІа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаІ яра, хІинца шех Хьеврон-гІала олуш йолу. (АрбаІ Іаьнакхан да хилла.) Килаба цигара Іаьнакхан тІаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цІийнах болу нах бара. Галилай-махкахь Напталан гунаш тІехь йолу Кхедаш-гІала а, Эпрайман лам тІера Шехем-гІала а, ЯхІудан гунаш тІера Кхиръят-АрбаІ а (кхечу тайпана Хьеврон) дІакъастийра.
Выбор основного перевода