Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Іедан цІе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра. ДІахьаьжначу ЛутІина Йордан-хи догІу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гІала а, Іамор-гІала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогІи ЦІоІар-гІалина тІекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта. Хьо Делан Іедан-бешахь вара, хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тІулгашца кечйина яра: рубинца а, топазца а, алмазца а, хризолитца а, ониксца а, ясписца а, саппирца а, карбункулца а, изумрудца а. Церан гураш хьуна тІехь говза а, хаза а деших дина дара. И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара. И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дІабаханчу вукхарна тІаьхьа, бух боцучу Іин чу дІахьажийча. ТІаккха хІинцале а лаьттан буха даханчу Іеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Іебира оцунах. Иштта, Іеданерачу муьлхачу диттан нисдала йиш яра хьоьца, хьан сийлаллица а, лакхаллица а? Амма хІинца, вукху дитташца нийсса, хьо эхарте дІахьажийна, хьо сунтбаза болчаьрца а, иштта тІемашкахь хІаллакбина болчаьрца а цхьаьна Іуьллур ду. Иза хир ду пирІунна а, цуьнан дерриг а халкъана а». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода