Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраил-мехкан лекхачу лам тІехь дІадугІур ду Ас иза. Цу гаьннах доккха дитт хир ду, цунна тІехь стоьмаш а кхуьур бу. Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду, цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду, уьш цуьнан ІиндагІехь Іийр ду. Вукху диттел а лекха дара иза, шена тІехь деха гаьннаш а долуш, хІунда аьлча цунна тІедогІуш кхоччуш дукха хи дара. Цундела Хьалдолчу Эло иштта элира: «Хьо, стоммачу гаьннашна тІехула хьала а баьлла, иштта лакхабаларна а, хьо сийлахь хиларна хьан дог курадаларна а, Цу меттехь Ашур-мохк а бу шен мел хиллачу эскарца. Паччахьна гонах церан кешнаш ду, уьш берриш а туьро хІаллакбина. Бохам тІебогІу цІийх юьзначу гІалина! Харцдолчух а, схьаяьккхина хІонсах а юьзна ю иза, талораш дар а соцуш дац цигахь. Шад еттар а, хьийзачу чкъургийн тІак а, юм еш йогІучу говрийн татанаш а, хахкаеллачу гІудалкхан гІовгІа а ю хезаш. Хахкаелла йогІу дошлойн говраш, къегаш ду тур, лепа гоьмукъ. Шортта белларш бу, декъийн оьланаш ю. Декъийн йист яц, оцу декъех тийсало. Иза Нунав-гІалин лелар бахьана долуш ду. И гІала, хаза куц долу кхахьпа санна, сийсаза лелара, жинашца тайна хилар тІехь уггар а говза йолу, шен сийсаза леларца халкъаш духкуш йолу, шен жиналлица тукхамаш духкуш йолу. «ХІинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Ас хьан бедаран юх хьан юьхь тІе озор ю. Ас халкъашна хьан ерзина ялар, ткъа пачхьалкхашна хьан сий дайна хилар дІагойтур ду. Ас боьха дерш тІекхуьйсур ду хьуна, хьох Сан дог мел далар а гойтуш, Ас нах кхардийта дІахІоттор ю хьо.
Выбор основного перевода