Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраил-махкара баганан диттан хІу схьа а эцна, иза токхечу лаьттахь дІадийра цо, дак-дитт ма-дерра, хина уллохь. Дикачу лаьтта тІе, шорта хи долчохь, дІайийнера и таьлланг, цунах, гаьннаш дІаса а дахийтина, тІехь стом а латош, дика кемсийн таьлланг хилийтархьама’“. ТІаккха шайн карахь ворхІ бога долчу ворхІ маликах цхьаъ суна тІедеара. Цо соьга элира: «ТІехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тІе а хиъна, чІогІа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таІзар. Малико соьга элира: «Шена тІехь и нахаца лелаш ерг а йолуш, хьуна гина долу и хиш – уьш халкъаш а, тобанаш а, къаьмнаш а, меттанаш а бохург ду.
Выбор основного перевода