Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Уqac*ллора дІа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна, Лаьттара царах лаьцна долу массо а хІума дІадайархьама. Сан валар лоьхуш берш лаьттан буха кхочур бу. Жоп лохьа суна хІинцца, Веза Эла! Сан са кхачош ду. Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа, коша чу боьлхучарах со тар ца валийта. И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дІабаханчу вукхарна тІаьхьа, бух боцучу Іин чу дІахьажийча. ТІаккха хІинцале а лаьттан буха даханчу Іеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Іебира оцунах. Уьш цуьнца цхьаьна эхарте дІакхаьчна. ХІинца уьш туьро хІаллакбиначарах дІакхетта. И дитташ, цу лекхачу диттан ІиндагІехь, вукху къаьмнашца цхьаьна дехаш хиллера. Иштта, Іеданерачу муьлхачу диттан нисдала йиш яра хьоьца, хьан сийлаллица а, лакхаллица а? Амма хІинца, вукху дитташца нийсса, хьо эхарте дІахьажийна, хьо сунтбаза болчаьрца а, иштта тІемашкахь хІаллакбина болчаьрца а цхьаьна Іуьллур ду. Иза хир ду пирІунна а, цуьнан дерриг а халкъана а». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Цигахь Іейлам а ву, ткъа цуьнан эскар паччахьан къуббанна гонах а ду. Цуьнан берриг а тІемалой хІаллакьхилла тІамехь. Уьш берриш а сунтбаза эхарте а кхаьчна, шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Іадийнехь а. Цара ерриг а шайн юьхьІаьржо лаьтта буха богІучаьрца цхьаьна яхьа.
Выбор основного перевода