Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Стигалан Іаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дІатарлур ву со“. Хьан хазалла бахьана долуш куралла йоьссина хьан даг тІе, хьайн дозалла бахьана долуш хьекъалалла а хІаллакдина ахьа. И хІума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна, паччахьашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІоттийна Ас. Амма цуьнан дог курадаьлча, синца иза тІех къиза дарвелча, цуьнгара паччахьалла дІадаьккхира, цуьнан цІе яккхар дайира.
Выбор основного перевода