Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн ницкъ царна тІе а берзийна, къилбехьа йолчу яьссачу аренна тІера дуьйна къилбаседехь йолчу Дабила-гІалина тІекхаччалц Ас дассийна дІахІоттор ду уьш бехаш болу дерриг а латта. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла». Паччахь тийжаш хир ву, эла догдоьхна хир ву, ткъа адамийн дегнаш тІе тесна кхерам хир бу. Ас цара лелийначуьнга хьаьжжина дерг дІалур ду царна. Шаьш кхечарна йинчу кхеле хьаьжжина, Ас цу нахана а кхел йийр ю. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза эла вуйла». Цундела шуна кхин гур дац даьсса суьрташ, иштта аша кхин пал а туьйсур бац. Ас шун карара кІелхьардоккхур ду Сайн халкъ. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“». Цора-гІала хІорда юккъехь чІерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дІахІуттур ю, – боху Хьалдолу Эла волчу Аса. – Цора-гІалина кхечу къаьмнаша талор дийр ду. Ас цІе хьажор ю Рабба-гІалин пенашна тІе. Цо хІаллакйийр ю гІалин гІепаш: тІом дІабоьдучу дийнахь – маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь – йилбазмехаца. Цу гІалин паччахь а вуьгур ву йийсаре, цуьнца цхьаьна цуьнан лоруш болу нах а буьгур бу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода