Сайн оьгІазаллехь а, дераллехь а хьуна тІехь, кхел а йина, таІзар дича, хьох эхье хІума хир ю, хьох кхаьрдар а бу, гонах мел долчу халкъашна хьо дІахьединарг я масална ялош ерг санна хир ю. Иштта боху Веза Эла волчу Аса.
Цу гІалара ара а даьхна, Ас шу хийрачу махкарчу нехан кара дІа а лур ду, шуна кхел а йийр ю.