Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча эдомхоша цул тІаьхьа, схьа а богІий, дуккха а долчу адамна етта а еттара, уьш йийсаре а буьгура. Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг. Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар: «Йохае и гІала! Йохае иза буха тІе кхаччалц!» Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал? Дадданан бахархой, бовдий, дІагІо кхузара, хьехаш чохь дІаловчкъа, хІунда аьлча Іесаван тІаьхьенна бохам бийр бу Ас. Цунна таІзар даран хан схьакхаьчна. Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багІахь, таьллангаш тІехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багІахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те? Амма Аса Іесаван тІаьхьенан мел долу хІума схьадоккхур ду, Ас гучуйохур ю церан дІалечкъийлаш, кхин уьш къайла ца бовлуьйтуш. Церан бераш а, гергарнаш а, уллоранаш а байина дІабохур бу. Эдоман тІаьхьенах цхьа а вуьтур вац. Дита хьайн бобераш, Ас дола дийр ду церан. Хьан бисина Іаш болу зударий а Сох тешна Іан мегар ду». Иштта боху Везачу Эло: «Нагахь таІзаран кад мала декхарийлахь боцучара иза мала дезча, таІзар даза хьо хІунда дита деза, Эдоман къам? Хьо таІзар доцуш дуьсур ма дац – ахь а таІзаран кад мер бу! Аса Сайх чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гІала йохийна хилла дІахІуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цІе а йоккхуш, неІалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю». Везачу Элера болу хаам хезна суна, и хаам бахьаш геланча а ваийтина халкъашна тІе: «Шайн эскарш схьа а гулдай, Эдомна тІамца чугІорта. Ас халкъашна юкъахь жима дийр ду хьо, ткъа адамашна юкъахь хьо дегаза хетар ду. Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Іеха ма делла. Тархийн чІажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а хьо Іаш ду, амма хьан цІенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дІа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло. «Эдом-махках нах кхаьрдар бу. Цигахула мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шайна гича. Седам-гІала а, Іамор-гІала а, царна гонахара гІаланаш а йохийна дІаяьхначул тІаьхьа ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац. Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана эдомхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург а оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур ву Суна дуьхьал? ЛадогІал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гІалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чІагІо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дІакхоьхьур бу аьлла. Ас чІагІо йо, церан латта Аса хІаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш. Эдом южуш яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хІорд болчу кхаччалц дІахезаш хир ду. Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тІедеанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Бацар-гІалина тІехула. Эдомхойн тІемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду». qac Цqac*хьаьна а кхетий, хазахетарца самукъадаккха хьайна ІуцІа-махкахь дехаш долу Эдоман халкъ! Амма хаалахь, и къаьхьа кад хьуна а тІекхочур буйла, тІаккха, даха а дехна, хьо а дерзинадер дуйла. qac Іqac*есаллина дина таІзар чекхдели хьан, Цийонан йоІ, кхидІа йийсарехь Цо хьо юьтур яц. Ткъа ахьа харцонаш ярна, Цо дийр ду таІзар, Эдоман йоІ, Цо гучудохур ду ахьа летош долу къинош. дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘СеІир-лам, Со хьуна дуьхьал ву. Ас Сайн ницкъ хьуна тІе а берзор бу, хьох бассийна а, бохийна а мохк бийр бу. Хьан гІаланаш йоха а йина, царах саьлнаш йина дІахІиттор ю Ас, хьо бассор бу Ас, тІаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла. Гуттара а Сан халкъана дуьхьал хьан мостагІалла а дара, ткъа цунна хала киртиг тІехІоьттинчу хенахь, царна тІехь долу таІзар кхоччуш хилча, ахь Сан халкъ дІаделира, туьре хІаллакдайтархьама. Цундела дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, – боху Хьалдолчу Эло, – хьо Айса Іожалле дІакховдор бу аьлла, и Іожалла хьуна тІаьхьаяьлла лелар ма ю. Хьо цІий ца Іенош ца сацалора, и цІий хьуна тІаьхьадаьлла лелаш ду. Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тІаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгІазалла цкъа а ца юьтура цара. Теман-гІалина тІе а цІе хьажор ю Ас, цу цІеро хІаллакйийр ю Бацар-гІалин гІепаш а». Іабди-ЯхІу-пайхамарна сурт хІоттар. Хьалдолчу Эло иштта бохура Эдоман халкъах лаьцна. Везачу Эло хІара хаам бира тхоьга, тІаккха оха геланча вахийтира, и хаам халкъашна дІахазийра: «ХьалагІовтта, Эдомана дуьхьал тІом бийр бу вай!» – аьлла. «Ас къаьмнашна юкъахь жиманиг дийр ду хьох, цундела хьо лорур дац цара. Хьо хьайн деган куралло Іехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“ Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла, седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а, Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», – боху Везачу Эло. «Къуй-м бацара те хьуна баьхкинарш? Буьйсанна лела талорхой-м бацара те хьуна иштта бохам бинарш? Цара-м шайна оьшшучул бен хІума дІахьур яцара. Нагахь шу долчу кемсаш лечкъош берш къайлаха чубаьхкича, цара а буьтур бацара ткъа кемсийн масех буьртиг? Ма, чІим санна, цІанвина Іесав! Къайлаха мел ерг а ма гучуяьккхина цуьнан! Шу шайн бартхоша дозанан йисте кхаччалц дІалохкур ду. Шуьца бертахь бехачара, шу ле а дина, эшор ду. Шуьца цхьаьна шуьне ховшучара шу Іовжор ду. Цара эр ду шух лаьцна: „Мичахь ду церан дерриг а хьекъал?“» «Цхьана дийнахь Ас таІзар дийр ду Эдомна. Церан хьекъале нах хІаллак а бийр бу, церан хьекъалалла дІа а доккхур ду Ас, – боху Везачу Эло. – Хьан тІемалой, Теман-гІала, кхерабелла хир бу, ткъа Іесаван лам тІехь берш хІаллакбийр бу». «Аша шайн вешина Якъубана гІело ярна, шуна тІе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хІаллакьхир ду. Церан хьал хийрачу наха дІахьочу дийнахь, кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла, Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь, шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара. Шу хьогІаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхІудхой хІаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь. Шу чудовла ца дезара Сан халкъан кевнехула цуьнан ирс дайначу дийнахь. Ур-атталла хьежа гІуллакх а дацара цуьнга цу дийнахь. Аша цуьнан бахамна тІе куьг кховдо ца дезара цунна бохам хиллачу дийнахь. Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь латта ца дезара цуьнан бевддарш хІаллакбархьама, дийна биснарш дІабала а ца безара аша оцу баланечу дийнахь. Массо а халкъашна гергадеана Везачу Элан къематде. Аша диннарг шуна а дийр ду. Хьакъ мел дерг шун кортош тІе доьрзур ду. ХІунда аьлча Сан безачу лам тІехь аша маларш мийларе терра, кхечу къаьмнаша а муьйлур ду уьш массо а хенахь. Цара кхаьллина дІадоккхур ду, тІаккха, цкъа а ца хилча санна, дІа а девр ду уьш. Ткъа кІелхьардовлар Цийон-лам тІехь хир ду. И лам, еза меттиг а хилла, дІахІуттур бу. Якъубан цІийно шена бакъонца догІуш долу латта тІаьхьалонна доладоккхур ду. Якъубан цІийнах цІе хир ю, Юсупан цІийнах цІеран алу хир ю, ткъа Іесаван цІийнах ча хир ду. И ча дагор ду. ТІаккха цхьа а дийна вуьсур вац Іесаван цІийнах». Иштта боху Везачу Эло. «Іесаван лам къилберачу яхІудхоша дІалоцур бу, ткъа акъарешна чуьра болчара пІелаштамхой кара а берзор бу, Эпраймера а, Шамранера а аренаш дІа а лоцур ю. Бен-Яманан тІаьхьено ГалІад-мохк схьабоккхур бу. Исраил-мехкан къилбаседерчу агІонера махкахбаьхначеран эскаро, юха а деана, КанаІанан латта Сарпат-гІалина тІекхаччалц дІалоцур ду, ткъа Ярушалаймера ара а баьхна, Сапрад цІе йолчу меттигехь баха ховшийначара ЯхІуд-мехкан къилбера гІаланаш схьайохур ю. КІелхьардаха богІуш берш Цийон-лам тІе богІур бу Іесаван ломана тІехь олалла дан. ТІаккха Везачу Эло Ша паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода